Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Чеченский государственный строительный колледж"

Нохчийн меттан Денна лерина

25.04.2020

Нохчийн меттан Денна лерина, Дешаран а, Iилманан а министерство дIайолийна​ #бекалахьненанмотт​ цIе йолу нохчийн маттахь байташ йоьшуш эстафетехь хазахетара дакъалецира​ ГIишлошъяран-технически техникуман дешархоша.Нохчийн къоман ораман ондалла вайн маттаца ю, иза Iалашбар, кхиор, цунах марзо эцар вайн сийлахь декхар ду.​ Тахана нохчийн къоман меттан гIаролехь лаьтташ вайн куьйгалхо, Кадыров Ахьмадан Рамзан волуш,​ вайн​ боккха аьтто а бу. Дала ницкъ лойла вайна ненан мотт оьшучу барамехь караберзо. ГIиллакхе оьзда и бийца кIорда а ма дойла цхьанна а нохчочунна!