Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Чеченский государственный строительный колледж"

Нохчийн меттан Де

25.04.2024

Хьомсара махкахой! Вайна ма- хаара, хӀора а шарахь, оханан беттан 25-чу дийнахь, даздеш ду Нохчийн меттан Де.Нохчийн меттан Де билгалдаьккхина шен Омрица 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад- Хьаьжин Рамзана.ХӀара сийлахь де даздар а, кхуьнан сий дар а коьрта Ӏалашо йу вайн тӀекхуьучу кегийрхойн ненан матте болу безам кхиор а, чӀагӀбар а, царна маттаца доьзна долу гӀиллакхаш довзийтар а.